ИсмаIал Акаев - Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Название: Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман
Автор:
Жанр: Современная русская литература
Серии: Нет данных
ISBN: Нет данных
Год: Не установлен
О чем книга "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман"

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла – ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Бесплатно читать онлайн Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман


Переводчик Янина Дикаева

Иллюстратор Изнаур Акаев


© ИсмаIал Акаев, 2022

© Янина Дикаева, перевод, 2022

© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2022


ISBN 978-5-0055-6573-0

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ДАХАРАН ТУЬХА

Перевод Комп*они «Перо – Дош ДикА»

ЗIе: [email protected]

+7928 890 43 41

Кхаа декъехь исторически роман


Соьлжа-ГIалина лерина а, иштта сан да-нана Наурдин а, Тагибат а, оьрсийн-нохчийн  шина тIамехь бехк боцуш эгна адамаш а дагалоцуш…

Бакъдерг – тIеман хьалхара мостагI

ДЕШХЬАЛХЕ

ЙАХАНЧУ ЗАМАНАН МОХЬ

(«Дахаран туьха» романах лаьцна литературни-философски ойла)

Оьрсийн сийлахь воккхачу йаздархочо Толстой Николайс аьлла: «Дийцарах лаьцна йеш йолу ойла иза бакъдолчунна а, кхоьллина хIуманна а йукъара доза ду, тамашийна кепара стеган кхетаме а долий, бIешерашца тидаза дуьссуш долу…»

Ткъа мичахь ду нохчийн журналистан а, йаздархочун а Акаев ИсмаIалан романехь и доза?

«Са хуьлуш дара. Йурт меллаша набарха йолура». Ишта Лермонтовн хатIехь йолалуш йу йешархо адамийн шатайпа дуьнене вуьгуш йолу хIара роман.

Дахаран массо а агIо йовза хьогах долу вай, ваьшца латточу хьере къиссаме довлу. И къиссам чIогIа дика гайтина кху романехь.

Автор кхета йешархошна хьалха шен йолчу жоьпаллех, цундела иза кхетаман уггаре а кIоргечу къайленашка кхийда.

Романехь дукха дуьйцу дахар къобалден некъашах лаьцна. Шеко йоцуш дахар – иза стеган уггаре а йоккха мехала йу. Дуьненан лехамашкахь цу дахаран боккъалла а мах хадо вайна ца хаьа а, йа вай дицлой дуьссу. Дахаран ши агIо йу – бакъдерг а, харцдерг а. И шиъ цкъа а кхачалур йолуш йац, цара цкъа а паргIат ца вуьту цабезамо а, оьгIазлоно а хьерваьккхина волу стаг.

Цундела хир ву-кх романан коьрта турпалхо ИбрахIим ишта хьогах ша адамийн дахаран хьост лору бакъдерг довза.

Мел дукха ирча, декъаза кхолламаш бу цунна уллохь, мел доьхна, даьржина ду иза веха дуьне.

Иза цхьалха ву. Амма мухха делахь а иза дийна ву, цо сацийна бац кху дуьненчуьра шен лехамаш. ЧIир эца лаам беха романан турпалхойн дегнашкахь, амма цуьнца нийсса къинхетамах буьзна бу церан кийра. Автора ма-йарра йовзуьйту нохчийн Iадатан кIоргенаш – мел деза лоруш хилла нохчаша адамийн дахар. Кху говзарехь ешархошна девзар ду мел доккха маьIна долуш хилла нохчийн къомана чIир эцар а, чIир йитар а. Цуьнан мехаллех лаьцна автора дуьйцу сийлахь дезачу КъорIанна тIе а тевжаш.

«Дахаран туьха» романан сюжета кIорге ойла йойту селханен, таханенна бIаьргаш боьллуш, кханене сатийсам кхуллу. Вайн тIаьхье – иза вайн дIаэхначу дайн хедар йоцу зIе йу.

Вай мел лайнарг а, хIинца дахар санна хеташ тIе мел лоцуш дерг а цхьаьна лаамца доьзна ду – дуьненчохь ваха болчу лаамца. И лаам бу Акаев ИсмаIалан массо а турпалхойн дагчохь. И лаам безам санна ницкъ болуш а, кIоргера а бу. «Безаман ницкъ – иза дош ца олуш, вовшех кхетар, вовше довзар ду. Безам даима нуьре хуьлу бIаьрхийн а, сатийсаман а, васан а серлонца. Безам а, Iожалла а цхьаьна богIуш ши кхетам бац. Ткъа цу безамо Iожалле а шен маттахь къамел дойту, иштачу безамах олу адаман безам. Дала похIма деллачунна бен хуур дац лаккхара безам бовза. Са мел кхоьллина хIума деза хууш шегахь адамалла ерг бен хир вац»

Ишта йовзуьйту автора шен йешархошна безаман къайленаш. ХIара йерриге а роман нохчийн къоман историх йуьйцина йу. Цунна тIебеана хилла уггаре а беза баланаш – махках дахар а, нохчийн ши тIом а кху романан агIонашкахь деган Iийжамца йовзуьйту автора, политически шалхо йоцуш, ма-дарра бакъдерг дуьйцу цо, йешархойн ойланашкахь кхоллайелла муьлхха а шеко дIайоккхур йолуш.

Цкъа мацах Ясперс Карла аьлла: «Ша вовза а, шех кхета а луучунна лаьа историх кхета а». Шеко йоцуш нийса луьйш хилла иза, хIунда аьлча мел къаьхьа иза йелахь а истори истори хилаза йер йац. Ткъа кху романехь йешархойн аьтто хир бу нохчийн керла истори цуьнан йерриге а къаьхьаллица ма-йарра йовза.

Декъаза кхолламех йуьзна йу и роман, амма хIете а хIора турпалхо мел хала киртиг тIехIоттарах собарах ца вуху, дахаре йолу шовкъ дIа ца йолу цуьнан. Кху говзаран исбаьхьаллин васт шалхонаша лаьцна дац, иза цIена ду, сирла ду.

Романан литературни-сценически кхачаллех дерг аьлча, билгалдаккха хьашт ду, кху говзаран боккха, маьIне чулацам хилар. Авторан чIогIа дика аьтто баьлла адамийн кхолламаш а, мехкан истори цхьаьна дозуш, ешархойн тидам тIеберзош, довзийта. Билгалдаккха деза хIара роман зорбане йаьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Бакъболчу хиламийн буха тIехь хIоттийна йолчу кху говзарехь, гуш ду авторана истори хилла ца Iаш, кху заманан политически процессаш а дика йевзаш хилар. Цара дIалоцу йерриге а роман.

Суна хетарехь, Акаев ИсмаIалан дуьххьара роман вуно кхиам болуш йу. Цуьнан агIонашкахь беха дахаре болу нийса хьежам а, нохчаллин башхалла а, историн кIорге а, Iадатан хазалла а.

«Дахаран туьха» романан аьтто баьлла йаханчу замане тIай туьллуш, йешархошна нохчийн историн бакъдолу васт гайта.

Ас Iалашо ца хIоттийнера критика йан, суна сайна хетарг ала лиира кху башха литературин говзарна, амма тIаьххьара дош даима йешархочуьнгахь хилла ду, цуо нийса кхел йийр йу аьлла а хета суна.

Кху романан дахар атта хир дац, хIунда аьлча цо шен агIонашкахь айдинарг а ду чолхе а, тIеэца хала а, амма замано гойтур ду…

Ярычев Насруддин, историк

ЮНЕСКО литературни кхеташонан

кегирхойн палатин декъашхо, философи Iилманан доктор.



Авторан дош

БисмиЛлахIирРохьманирРохьими    Алхьамду лиЛлахIи Роббиль-Iаламина

Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.

Дахаре бIаьрг беттар йаздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь – «Iожаллан сурт дуьллучул».

Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен йерриге а къаьхьаллица.

Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.

Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.

Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр йу аьлла.

ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.

Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна, амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.

Къаьсттина мехала ду шо шаре мел долу вайн къоман кийрахь дикалла, комаьршалла, син-оьздангалла чIагIлуш, баланийн IиндагIера маьрша даьлла, тIаьхьарчу тIаьхьенна шен сирла ламасташ кховдош, вайн къомана даха хаар а, цу дахаре йолу шовкъ цуьнан цкъа а дIа ца йалар а.

Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь – маьрша-м хир дац иза ша а…

Акаев ИсмаIал
2001 шо

Дахаран тача… Суьртан автор Акаев ИсмаIал

ДА А, КIАНТ А

Хьалхара книга


Iадат

I

Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура йурт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан йара массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Йеха къоьжа месаш а, йаьлла маж а – замано гIелдиначу цуьнан йуьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.


С этой книгой читают
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхолла
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц.Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур.Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза.Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
История о взаимоотношениях с окружающим миром талантливого мальчика, страстно увлеченного литературой. Ситуация, в которую он попал, оказала сильное влияние на его характер, всю дальнейшую жизнь и судьбу.
Детские, ностальгические истории, произошедшие с автором в далёком леспромхозном посёлке в семидесятых годах прошлого века.
Сцена высвечивает то, что иногда не может высветить проза. В этом сборнике представлены пьесы в прозе, траги-фарсы в стихах и комедии положений.
«Рассказы не о Швейцарии» – сборник коротких, но ёмких историй.Здесь насилие, ложь и потакание страстям соседствуют с добром, целеустремлённостью и прощением. Здесь в одну и ту же машину садятся как самоубийцы и сумасшедшие, так и те, кто хочет сделать этот мир лучше. Здесь – про совершенно разных людей, которые просто тем или иным образом столкнулись в Швейцарии с одним и тем же человеком.Книга понравится тем, кто любит краткость и глубину.
Когда человечество, погрязшее в войнах и разрухе, умирая на обломках старого мира, столкнулось с новой, неведомой до этого силой, произошло необычное явление. Мальчик по имени Донатан, живущий в приюте для сирот, увидел Ангела. Это событие перевернуло всю его жизнь, изменило мировоззрение и заставило взглянуть на себя и других с иной стороны. Страшные вести поведал ему Ангел. Но ещё страшнее была встреча с Демоном.Содержит нецензурную брань.
Середина XVI века. В Твери найден клад, в котором среди прочих ценностей обнаружена знаменитая икона Божьей матери, привезенная из Афона и пропавшая во время восстания 1327 года. Государь повелевает доставить святыню в Москву… Однако не все согласны с царским указом. Тверской боярин Воронов считает, что не Москва, а Тверь должна владеть чудотворной иконой. Он подбивает лихих людей ограбить царский обоз. Завладев кладом, злоумышленники прячутся на
Каково это, быть участником апокалипсиса? Кошмарно, я вам скажу. Потому что, когда на твоих глазах экспериментаторы уничтожают население планеты, а города превращаются в кладбища.... Это не просто страшно. Просто Вселенная наделила тебя четвертой группой крови, как и остальных оставшихся в живых. А экспериментаторы, угробившие весь мир, желают поиграть с тобой в кошки-мышки, а если ты перестанешь упрямиться и примешь их правила игры, тебя ждет не
Вместо суда, исправительной колонии лопата и похоронная команда; комары – самое серьезное испытание. Витю ждёт квест в местах боев в Себежском укрепрайоне, где против 170 СД 1-го формирования шли эсэсманы. Поисковики подняли нескольких бойцов (ФИО подлинные), останки повезли на родину. Чумачечую Сану пропавшие без вести в ВОВ не волнуют, она еле в в адеквате, в анамнезе трагическая первая любовь. Сумеет ли втянуть он девушку в поисковое движение?