Хьусайн Шовхалов - Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ

Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ
Название: Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ
Автор:
Жанр: Современная русская литература
Серии: Нет данных
ISBN: Нет данных
Год: Не установлен
О чем книга "Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ"

– Самукъане доца дийцарш.– Хаза чулацам болуш ду.– Баккхийчарна а, кегийчарна а дог1уш ду.– Кху дийцарш хьекъал а, кхетам а ло.– Кхара хьекъалан мах бовзуьйту.– Ойла я 1ама во.

Бесплатно читать онлайн Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ


© Хьусайн Шовхалов, 2020


ISBN 978-5-4498-3346-4

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Хастам бу Далла, 1аламаш кхиош-кхобуш волчу, Ша халкъана деллачу ни1матех хьекъал динчу, адамана даха кхетам беллачу, адаман самукъадалар дика лаьрра Волчу.

Делера салават а, маршалла а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан асхьа́башна а, церан некъа т1ехь мел волчу стагана а къематде даллалц.


Х1ара жайна> (1>) кечдар бахьана – иза бусалбачу нехан хьанал долчу х1уманца самукъадаккхар а, хьекъалан хам хаар а ду. Х1ара дийцарш боккъалла а адамийн дахарехь хилла ду. Х1орш дешарца адамийн мелла а самукъадаккха лиънера суна, х1унда аьлча, адамашкахь сингаттамаш дукха бу. Ткъа юкъ-кара х1ара жайна доьшуш хилча, сингаттамечу б1аьргара долучу хин метта самукъадаьлла, велаваларан хи дала мега цуьнан б1аьргех.


Кху дийцарша кхин а пайда ло вайна – иза хьекъалан хам хаар. Х1унда аьлча, х1ара дийцарш хьекъал к1езиг долчу, г1опал болчу нахера дийлина х1уманаш ду. Ткъа цара 1амаво хьо х1уманан ойла ян. Кхетам, хьекъал Делера доккха ни1мат хилар гойту.

Х1ора адам шех нах боьлу х1ума даланза дац. Иза массаьрца долуш ду. Цхьаволчуьнца к1езиг хуьлу, цхьаволчуьнца дукха хуьлу. Ткъа иза хьехадар, дийцар, царех кхардар дац, мелхо а самукъадаккхар, ойла яр, кхетамехь са валар ду, бусалбачу динна дезаш х1ума ду.

Дала самукъадоккхийла хьан!


Шовхалов Хьусайн

(Сайд-Селиман к1ант Хьусайн)

Электронный адрес: [email protected]

Инстаграм: chitai_eto_polezno


9 июнь 2019 ш.


САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ

1.Цхьана стага кочахь т1ийригна т1е тесна лелош даь1ахк хилла.

Цуьнга хаьттинера:

– И х1унда лелайо ахь?

Цу стага аьлла:

– Со вайча нахана со каравайта лелайо ас иза.

Т1аккха цхьана буса иза вижина волуш, наха цуьнан кочара схьа а

яьккхина, цуьнан вешин коча тесна хилла иза. Самаваьлча шен кочахь

хилларг шен вешин кочахь гича цо элира шен вешига:

– Х1ай, сан ваша! Хьо со ву, ткъа со мила ву? – аьлла.


2. Цхьана стаге хаьттина:

– Хьайн вирана ц1е х1у тиллина ахь? – аьлла.

Т1аккха цу стага шен вирана т1е а вахана, цуьнан цхьа б1аьрг а баьккхина

элира:

– Цхьа б1аьрг берг аьлла ас цунах.


3. Цхьана стага хаьттина шен к1анте:

– Вай рузбанан ламаз муьлхачу дийнахь дира?

К1анта ойла йина жоп делира:

– Шинара> (2>) дийнахь.


4. Цхьана стаге аьлла:

– Ибн 1умарх лаций дийца тхуна.

Цу стага аьлла:

– Из вара мекх д1адошуш пхьаьрсан к1елонаш гучуйовллалц.


5. Цхьаммо аьлла цхьана стаге:

– Шун чохь мохь хьокхуш ма хезира суна.

Стага жоп делла:

– Сан коч яра иза лакхара чуйоьжна.

– Ткъа коч лакхара чуйоьжча мохь хьакхар хуьлу ванах? – хаьттина вукхо.

– Х1ай 1овдал! Со цу кучана чохь хилча, со а ца хуьлу чувоьжна? – жоп делла

стага.


6. Цхьана дийнахь ч1ог1а мох баьлла. Т1аккха нах кхерабелла Деле до1анаш

дан, тобанаш дан буьйлабелла. Т1аккха цхьана стага мохь туьйхира:

– Х1ай нах! Сиха ма ло тоба дан, х1ара мох х1инцца д1абер бу шуна.


7. Цхьана стеган х1усамна улло лулахоша дуккха а латта доьхкина хиллера.

Т1аккха цу стага шен к1анте аьллера:

– Х1окху лулахоша боккха болх баьккхина суна, х1ара латта д1адаккха доккха г1о деза суна, ткъа соьгахь иза дац, айса х1ун дийр ду ца хаьа суна.

К1анта элира:

– Г1у яьккхина цу чу кхуьссур ду-кх.


8. Цхьана стага шен деман гали мехах д1адахьа стаг лаьцна хилла.

Д1ахьучу хенахь и стаг деман гали а эцна ведда. Т1аккха масех де даьлча цунна гина шен дама лачкъийнарг. Иза шена гича, цунах д1алечкъина иза.

Т1аккха цуьнга хаьттина:

– Хьо х1унда лечкъа цунах, и ма ву хьан дама лачкъийнарг?

Стага жоп делла:

– Цо шен балхана мах д1абехарна кхоьру со.


9. Цхьана стага шен ахча лаьттах д1адоьллина хилла стиглара мархана бухахь ахча д1адоьллина меттиган билгало марха а лоцуш.


10. Цхьана стега да велла хилла. Т1аккха цуьнга аьлла:

– Вало, хьайн дена марчо эца.

Стага аьлла:

– Со марчо эца вахча, кхуьнан докъан ламазе со т1аьхьависарна кхоьру со.


11. Цхьана дийнахь базарахь нахана цхьа стаг гира ведда воьдуш, цара цуьнга хаьттира:

– Ахь мила лоьху?

Стага элира:

– Басар йина маж йолуш цхьа йо1-м ца яхара кхузахула д1а?


12. Цхьана стага аьлла:

– Ма хаза бу-кх бутт!

Цо и олуш хезначу стага элира:

– Дер бу-кх, къаьсттина буьйсана хазо бу иза.


13. Цхьана стагана бераша делла аьрзу> (3>) ловзош гинера. Цо иза цаьргара соьмах эца а эцна ц1а даьхьира. Ц1ахь цуьнан нанас хаьттира цуьнга:

– Делла аьрзу х1унда эцна ахь, х1ун дан воллу хьо цунах?

К1анта элира:

– Ахь х1ун дуьйцу? Х1ара дийна делахьара б1е соьмах эцалур дацара хьоьга.


14. Цхьа стаг хьаж дан Макка ваха араваьлла хилла. Цуьнан 1одика еш цуьнан к1анта аьлла цуьнга:

– Дукха хье ма лолахь ц1а ца вог1уш. Хьайн ницкъ кхачахь г1урбан дийнахь ц1ахь хила хьажалахь г1урбан урс хьокхуш> (4>).


15. Цхьана стага аьлла:

– Шина куьйга т1е охьавоьжна ши куьг бехдина ас. Аса и шиъ эзарза дилча а, и шиъ ц1анлур ма дац, аса шозза диллалц.


16. Цхьана стага б1ар кагдича, б1аран чкъуьйриг кхоссаелла д1аяхна. Цо элира:

– Ла ила́х1а иллалло́х1, ма доккха х1ума ду-кх, х1ор х1ума 1ожаллех йоду-кх, чохь са доцург а.


17. К1ант веана хилла карахь котаман к1орни дохьуш:

– Хьовсийша кху к1орнига, шен ненах ма тера ду х1ара!

Цул т1аьхьа юха элира цо:

– Цуьнан нана сте ю те, я боьрша ю те?


18. Цхьана стеган нана д1аяьлла, цуьнга кадам беш гулбелла нах хилла.

Царна т1евеара цхьа стаг вела а воьлуш, самукъадаьлла. Наха цунах цецбевлла хаьттира цуьнга:

– Ахь х1ун леладо, хьан стенах самукъадаьлла?

Стага элира:

– Суна д1аваьлларг х1ара> (5>) ву аьлла хезнера, ткъа кхуза схьакхаьчча х1ара воцийла хиъча самукъаделира сан.


19. Цхьана стага аьлла:

– Тхан тхов т1ехь дахк бара тхуна новкъарло еш. Цхьана стага молха дийцира соьга цунна дуьхьал. Аса и молх тесначул т1аьхьа дехкан «къурд» хезна дац тхо, – элира цо, «г1овг1а» ала воьлла.


20. Цхьамма аьллера:

– Селхана х1аваъ шийла дара вайна, делахь а суна-м хаа ца делира иза.


21. Цхьа стаг хилла Багдади> (6>) веана, т1аккха ц1ахь волчу шен дега кехат яздинера цо ша дика д1акхаьчна аьлла. Т1аккха и кехат ше дега д1акхачо цхьа кара ца вина, и кехат эцна ша шен да волче веана цо цуьнга элира:

– Соьгара хьуна хабар д1акхачо цхьа кара ца вира суна, ткъа сайгара хабар хьуна хье ца далийта, айса схьадеана ас хьуна айса хьоьга яздина кехат, – аьлла, шен дега ша яздина кехат д1аделира цо.


22. Вовше дов даьлла цхьана шина стеган. Т1аккха и шиъ къедана т1евахна шаьшшинах бакъ-харц верг къаставайта. Къедас цушинна юкъахь дерг шега къаста ца делча, шинне а туьйхира, т1аккха элира:

– Далла бу хастам, шуьшиннех зуламе верг соьх ца валийтарна.


23. Цхьа стаг базарахь шен к1антаца шайна езачу х1уманна т1енисвелча, йохкархочуьнга мах хаьттина. Цо жоп делла:

– Цхьаннах цхьа сом доккху, – аьлла.

Цу стага аьлла:

– Х1ан-х1а! Из дукха ду.

– Аса цу мехах юхкуш ю иза.

– Ас кхаъ соьмех шиъ оьцур ю хьоьгара.


С этой книгой читают
Кху жайно гойту:Ялсамани Делигара эца езаш хилар.Ялсаманин мехах нийса кхетар.Ялсамани мах боккха а, хала а ца хилар.Ялсамани доггаха езначеран масалш.Ялсамане кхачар коьрта 1алашо хила езар.Ялсаманин дуьхьа цхьа а х1ума дукха ца хилар.
– Яах1ума яаран г1иллакхаш;– Яах1ума яаран нийса куц;– Берашна а, баккхийчарна а яах1ума яа 1амор;– Яах1ума яарехь хьарам дерг;– Вовшахкхеттачохь яах1ума юуш лело дезарг;– Хьошалла нийса дар;– Хьошалг1ахь лело дезарг.
Книга о сути жизни. О том, как человеку найти счастье в этом мире. Как стать успешным в жисни. Как быть приятным людям, в чём секрет этого.
– Хьижаб фарз ду— Хьижаб дохар деза 1ибадат ду— Хьижаб лаладарн йоккха ял ю— Зударий беза хилар— Зударийн сий дар— Хижаб лела цадарн бахьан— Бусалба дино зудчун дина сий— Хьижабан нийса куц
История о взаимоотношениях с окружающим миром талантливого мальчика, страстно увлеченного литературой. Ситуация, в которую он попал, оказала сильное влияние на его характер, всю дальнейшую жизнь и судьбу.
Девушка с необычным именем Ариэль оказывается в непростых жизненных ситуациях, но наяву ли это?
Свидания с друзьями, случайные встречи,воспоминания… Всё это сохраняется в душе, осмысливается с годами по-новому и, приобретая иные оттенки, краски, слагается в рассказы, эссе и даже стихи.
Несколько рассказов о любви.Действие рассказов происходит в Москве.Все рассказы хорошо заканчиваются, как и должны заканчиваться рассказы о любви.
Девятнадцать историй о том, что случается, когда не любят: предают, обманывают, изменяют. Дети, муж, друзья, собственное тело и даже любимый цветок. И на место любви приходят страдание и боль. Но у героев даже в катастрофичных ситуациях и жизненных драмах остается надежда. А ее много не бывает.
Моя работа главным инженером участка №6 СУ «Куйбышевгидромеханизация» в зимний период 1955—1956 гг. по намыву земляных примыканий к водосливной плотине ГЭС при устойчивым морозе до -30 градусов, объемом 6 миллионов кубометров по принятым самостоятельно новым технологиям работы в зимних условиях. Спасение экипажей земснарядов при затоплении котлована водосливной плотины. Инцидент с управляющим трестом С. Б. Фогельсоном и его последствия.
Лео Вебер – самоуверенный студент второго курса. С виду не скажешь, что дерзкий ловелас способен на настоящие чувства. Закрытое на замок сердце не способно любить. Так он думает, пока не сталкивается в электричке с необычной белокурой особой. Мало того что знакомство выходит нелепым, так ещё и выясняется, что она его преподаватель. Но игнорировать свой интерес к загадочной Кассандре Грин не получается. Лео предстоит разобраться, что ему делать с
Джо-Сан – суперагент из самурайского рода – проходит через удивительные приключения, выполняя многочисленные миссии по заданию мифического Тайного Ордена Магов (ТОМ) и его боевых структур, созданных в доисторическое время для вселенской борьбы со Злом. Джо-Сану помогают его друзья: ниндзя Рене, учитель Гэнкито Кондзё, старец Феодор Козьмич (Император Александр I), граф Алессандро Калиостро, кот Манул и другие. Действие происходит в разные отрезки