Вахит Хаджимурадов - Хьехархочун дийцар. Дийцарш

Хьехархочун дийцар. Дийцарш
Название: Хьехархочун дийцар. Дийцарш
Автор:
Жанр: Современная русская литература
Серии: Нет данных
ISBN: Нет данных
Год: Не установлен
О чем книга "Хьехархочун дийцар. Дийцарш"

Х1окху дийцарийн гуларан чу дог1уш долу дийцарш, шадерш бохург санна, вайн дахарехь хиллачунна т1ера йаздина ду. Дицарша хьоьхуш дериг, дахаран халонехь адамаша шайгара адамалла гайтар ду. Нохчийн къам арадаьккхиначу халачу муьрехь зударша а, бераша а шайгара гайтина хьуьнар а йу цхьадолчу дийцарийн коьрта мехалла.

Бесплатно читать онлайн Хьехархочун дийцар. Дийцарш


© Вахит Хаджимурадов, 2023


ISBN 978-5-0059-7226-2

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Хьехархочун дийцар. Дийцар.

– Со 1аш-м г1алахь вара. Делахь а, хьалха юьртахь 1ийна ву. Цундела юьрта вухаверза дог дара сан. Юьртара ишколашкахь хьехархой ца тоьуш бу аьлла а хезинера суна. Амма г1ала д1асалелан кхуьур вац х1ора дийнахь. Ахь цкъачунна, чохь 1ен г1ишло, я цхьа чоь хилийтича, шун ишколе балха х1отта лууш вара со, – кхетийра ас, корта, хьарг1анан мас санна, 1аьржа басар бинехь а, дикка хан д1аиккхина волу ишколан директор Махьмад.

– Х1ун болх бина ахь? – хаьттира Махьмадас.

– Со ткъа шарахь сов оьрсийн мотт хьоьхуш хилла, амма ас чекхъяьккхинарг-м филфакан нохчийн отделени ю. Нохчийн мотт а хьеха лууш вара со, – сайн ойла йовзийтира ас.

– Бакъахьа хир ду. Оьшу тхуна-м оьрсийн меттан а, нохчийн меттан а хьехархой. Кортира а нисйийр ю, юьртан хьаша вина т1е а оьцур ву. Ткъа мел урокаш лелалур ю хьоьга, мас сахьт деза хьуна? – ч1ог1а реза хилира ишколан директор, самукъадолуш шен 1аьржа ц1оцкъамаш, «1аьржачу» к1ужале кховдийра Махьмадас.

– Сан шуьга цхьа дехар бен, кхин дехар дац. Урокаш а, сахьташ а шайна бакъахьа хеттарг хилийта, суна шун юьртахь оьшург – чохь 1ен г1ишло ю. Кхин дехар дац сан, – элира ас.

– Иза-м даккхийчех дац. Кортира хилийта-м ас дош ло хьуна. Сентябрь болабелча балха аравала, чохь 1ен меттиг ас сайна т1елоцу, – дуьззина дош делира директора кхин цкъа а.

Иштта д1аболабелира ас оцу ишколехь бина болх. Юьртан йистехьо, 1ежийн бешахь динчу ц1а чохь 1ен меттиг а нисйира суна директора, ша ма-аллара. Со новкъахь вог1уш дуьхьалкхетча, шен машен сацайой, охьавуссий, маракхеташ салам-маршал хоттуш, ч1ог1а г1иллакх х1оттадора соьца Махьмадас. Хьехархой а, шаверг санна, г1иллакхе, т1екаре бара соьца. Нохчашна юкъахь воцуш дикка хан яьлла волу со ч1ог1а г1адваханера ц1еначу нохчийн г1иллакхех. Бераша лелош долчу г1иллакхах а воккхавина а ца волура со.

Дерриге талха доладелира со лулахь нисвеллачу, шовзткъа шаре ваханчу Сайдас бинчу бегаш т1ера. Со лула веъна аьлла хезначу Сайдас шен х1усамнене, Малене, жижиг-галнаш дайтинера. Со х1усамдеца суьйрана раг1ук1ела х1ума кхоллуш 1аш, чуьра аралилхина цуьнан бераш дуьйлира ловзуш, г1овг1анаш ян.

– Д1адовла цигара, г1овг1анаш ма елаш! Х1ара кестта шун ишколан директор х1уттур волуш ву. Т1аккха кхо бийр бу шун болх, – бераш кхерийра Сайдас шен дагахь.

Дага-м деарара суна: «Деллахь, ма марахдовла мегаш жижиг-галнаш ду-кх х1орш!» – аьлла. Амма дан х1ума дацара: дош, аьлла даьлча, духадерзо йиш яц, цунна сиха т1емаш довлу. Т1емаш довларал сов, иза эрча а долу, кхечу нехан матта т1е мосазза дужу.

Ши-кхо де юкъа ца дуьйлира завучийн соьца йолу юкъаметтиг, озийначу 1одан пха санна, юлаяла. Тамашийна хеташ делахь а, оцу ишколехь багарбина ца валлал бара завучаш – виъ-пхиъ, мел к1езиг а. Директор-м, баттахь цкъа гучу а волий, ши-кхо бер чудуьгий царна жимма «муьшка» а йой, «совещанешкахула» ваьлла лелаш, ц1а воьрзуш а вацара.

Тхан нанас Зийнас, ша дийна йолуш, сайга олуш хилла: «Адамашца тарвала г1орталахь даима а!» – дагадог1ура суна кест-кестта. Адамашца-м тарвала хала а дера ца хиллера, амма т1аьхьарчу хенахь и адамийн юьхь а, сибат а дайна лелачу нахаца муха тарвала деза х1окху дуьненчохь? Шен да вухкий а, хьаьким х1утту, ткъа оцу хьаькиман даржах узуш болу етт а бой 1а. Алапа ца валлал хуьлу, ткъа лачкъош дерг цкъа а ца валлал хуьлу. Шена низам а, бакъонаш а ларъян беллачу белхалойн алапи т1ера а ахча лачкъадой, «саг1а хила хьан!» олий, Делан кхиэлах а к1елхьарволу. Берашна ишколан 1едало схьахоьцуш долу рицкъа лачкъадой, г1аланаш санна ц1енош а дой: «1едал ша а къу ду, къуьнан лачкъадо ас!» – олий, шена ялсаманехь меттиг хиларе сатосу. Ялсаманех а, Делах а тешаш воцчу хьаькамна-м гуттар а марш бет1а – цо-м адамийн ц1ий молу бакъонца. Масала, лор ву ша бохуш лелачо олуш хаза тарло: «Шегара саг1ина а кепек ахча хир доцуш волчу цомгашчу стага хьийзаво-кх со, шена „лечени е“ бохуш!»

– Ванах, суна дага-м ма ца вог1у хьо? – цецваларан кеп х1оттош хаьттира соьга цхьана дийнахь Махмуда.

– Муха ца вог1у дага? Вайшиъ вевзина дукха хан-м яц… – ца кхийтира со.

– Хьо РОНО-хь болх беш хилла ма боху… Бакъ дуй и? – шен ойланах кхетийра со директора.

«Деллахь ма суна оьшуш бацара-кх и дагалецамаш х1окху юккъехула чу!» – дагатесира суна. Амма ворда басех чухецаеллера, дан х1ума дацара.

– Цул т1аьхьа-м иттех шо а даьлла. Суна сайна а вицвелла со суо оцу хенахь хилларг. Мелла а х1инцалерчул жима ма вара со оцу хенахь, – бегаш т1е даккха г1оьртира со къамел.

Махьмуда-м велакъежа сурт х1оттийра, еккъа ц1ена шен нийсачу, ирйоьг1начу г1ожмех йина керт санна йолчу цергашца, 1аьржачу мекхан юьхьигаш нисъйина д1аса а озош. Сан кхетамехь дийцича, тахана дуьйна тхуна юккъехь и серийн керт яцахь а, цхьана ирчу серех йина къастор-м яра. Ши-кхо де делира юкъа, со мелла а къахка ца веш, сан са малдолуьйтуш. Амма цхьана 1уьйрана, малхо со чохь 1аш волчу ц1енна хьалхара 1ежийн диттийн г1а маждеш серладоккхучу хенахь, со уьйт1а ваьлча, суна гира 1ожа к1елахь, х1инцца диллича санна 1уьллу, даьсса къаьркъанан шиша. Бежнаш д1алахка баханчу лула-куларчу зударшна ца гуш дуьсийла а дацара и. Со ишколе балха д1акхаьчча, суна иза иштта хиларан тоьшалла а карийра, ондуочу дег1ехь йолчу масех завучех цхьамма сайга дуьххьара хаттар дича.

– Ванах, хьенех, хьо тахана ма к1адвелча санна ву, б1аьргаш а бу хьан ц1ийбелла, – эккхийтира цо б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна.

– Деллахь, сайн ма-хуьллу хьох лачкъо г1оьртинера со, амма хьо 1ийр йолуш-м яц, и сан къайле гучу ца яьккхича, – элира ас, дог доьхина кеп х1оттош.

– Ой, и бохург х1ун ду? Миска я1… Деллахь, и сайн хилла волу майра вита дийзира сан, и маларах кхеташ хиларна, – шен къайле, кхин шен шуьйрачу кийрахь ца сацалуш, схьакъадийра соьга жерочо.

– Делахь, иштта д1адодахь, оцу маларах со а веттавала мегаш ву-кх, – кхин а марсаяьккхира ас завучан сема ойла.

– Х1ун? Муха? Цхьа шиша а к1езиг хуьлу хьуна цхьана суьйрана?! – гучуяьккхира завуча шен къайле, сох кхинхетам дукха совбаьлла, т1ех а бахана.

– Ахь х1ун шиша дуьйцу? Ас буьйцург-м, сайн хьоьга бахана и бовха безам бу. И безам бахьанехь буьйсана сахиллалц набъеш вац со. Сахиллалц стихаш, стихаш, байташ язйо-кх. Бехк буй сан х1окху мискачу б1аьргийн ц1ийбелла, кхихкина т1ехбахача а?! – Чацкийн монологе д1аг1урттуш дош элира ас.

Иштта дешнаш-м жерочунна шен дашо жималлехь а ца хезначух тера дара, цуьнан нана-баккхий 1аьржачу б1аьргаша схьадийцарехь. Амма жерочо сиха караийцира шен кийрара чета доьжна дог. Иза кхийтира, ша х1инца ледарло шех ялийтахь, кхин цхьаъ а «къаьркъанан кад», шен хилла волу майра санна, шен карара вер вуй.


С этой книгой читают
300 забаре доца дийцарш а, масех катрен а йу дешархочунна автора шен гуларехь йовзийтуш. Нохчийн къам даима хилла шайн бегашца а, самукъане хиларца а къаьсташ, эрна ца аьлла Александр Дюмас нохчех – «Кавказан французаш».
Во время, так называемой, «Чеченской войны», чеченские писатели пытались показать всю бесперспективность снимаемых российскими кинорежиссерами фильмов. Эти фильмы разжигали войну, ненависть к чеченцам и чеченцев к данным кинорежиссерам и актерам, свершившим зло. Это зло будет их сопровождать вечно.
Поэма «Залина», подражание Шекспиру, у чеченцев тайповые отношения идентичны шекспировским родовым. Стихи не имеют одной определенной тематики, ближе к сиюминутному настроению и переживаниям.
ХIХ век. На «братний зов» 300 горных чеченских ополченцев спускаются к равнинному селению. За отрядом бойцов тайком отправляется и дочь Булата Зара, на своем белоснежном скакуне.
Мальчик, юноша, молодой человек и зрелый мужчина являются героями историй, вошедших в данный сборник. Каждый из них со своими страстями, страхами и переживаниями предстаёт в отражении времени, которое в рассказах меняется от конца пятидесятых до сегодняшнего дня. «Кто ж их не любит?!» – говорит о женщинах герой рассказа «Ничья». И с ним, разумеется, не поспоришь. Однако на глубокое, обжигающее душу чувство способен не каждый. И тем оно ценнее, ко
«Литературные страницы» – серия не тематических сборников. Акулы пера и первые пробы пера. Поэты и прозаики. Знаете, на что это похоже? Квартирник, где собрались авторы и ведут неспешный разговор обо всём на свете: погода, политика, мечты, любовь. Спокойная уютная обстановка располагает к тому, чтобы завернувшись в плед, обхватив ладонями кружку с душистым чаем, сесть вечером и читать, читать, читать, открывая для себя новые имена и произведения.
Печальная комедия о людях пенсионного и предпенсионного возраста. Бывшие циркачи, бывшие музыканты, бывшие передовики производства и вдовы дипломатов. Договорятся или нет? Содержит нецензурную брань.
В книге автор талантливо и живо рассказывает о своих ранних годах, о том, как жилось в советском Узбекистане 60-70-х годов прошлого века еврейскому мальчику и его родным. «Старый Город»… «Землетрясение»…«Кошерные куры»…«Текинский ковёр и другие сокровища»… «Веселая ночь под урючиной» – уже сами названия глав, пробуждают интерес. И, действительно, каждая из них переносит нас в мир ребенка, полный открытий и событий. Дает почувствовать атмосферу, в
Более 7 лет проживания и путешествий по Испании автора нашли отражение в этой книге. Андалусия, Мадрид, Страна Басков, Галисия, Каталония и её столица Барселона откроются читателю с неожиданной стороны. Читатель сможет познакомиться с основными достопримечательностями Испании, получит гастрономические рекомендации и погрузится с головой в нюансы испанской жизни. Книга заражает любовью к Испании! «Вся Испания: жизнь и путешествия» была вдохновлена
Дзержинское Отечество здесь есть,Кусочек моей Родины и Края,И славу не уроним мы и честь,Растить мы патриотов помогаем,И славу не уроним мы и честь,Растить мы патриотов помогаем…Отечество, Отечество моё,Моя любимой химии столица,Мы Родины защитники её,И Родиною принято гордиться,Мы Родины защитники её,И Родиною принято гордиться…
Галактическая империя, далекое будущее. Полеты к звездам, технический прогресс… Но в этом мире есть люди, отличающиеся от всех. Охотники. Охотник - это не профессия и не звание, которое можно заслужить, купить или получить по наследству. Это призвание или, правильнее сказать, состояние души. Охотниками становятся те, кто чувствует в себе зов свободы. Это история о том, как один из охотников решил уйти на отдых, но люди, избравшие себе этот путь,
Суровый север. Заснеженный замок. Магический Барьер, сквозь который прорываются враги. Опасности, подстерегающие женщин на каждом шагу. Рэйлин Хассель – невеста короля, дочь лорда-героя, огненный маг. Вот только вместо королевского дворца ее ждет ссылка на север, вместо почестей – обвинение в преступлении, а магия огня запечатана блокирующими браслетами.Марон Леннарт – снежный маг, рождающий бурю. Страж, оберегающий границы коро